Массо йо1 со санна ирсе йойла

Макка Сагаипова - Массо йо1 со санна ирсе йойла

Сан дега суй хили хьох хьоменаг
Х1ора дош хьан дегах хьаьрча сан.
Ойланехь сан дега г1ала г1иллар
Воьвзи хьо ас сатийсинарг
Хоьца ю сан хьомениг сан дега ойла
Ляаркха хьо нийса кхетила
Массо йо1 со санна ирсе йойла
Вай безаман седа лепила.
Массо йо1 со санна ирсе йойла
Вай безаман седа лепила.

Хьан амато со ойлане йоху
Дага дог1у хаза хьежар хьан.
Хьан дешнаша ахь соь дагар дуьцуш
Эса хадош са мал дора сан.
Х1унда бу те безам сил мерза?
Х1унда теша те хьо гича дог?
Х1унда ду те даим лерахь аз хьан? 
Дагчохь воцуш ас ца бохку ког.
Х1унда ду те лерахь даим аз хьан? 
Дагчохь воцуш ас ца бохку ког.

Малх к1егича сан ойла хьох кхида
Малх к1егича сан ойла хьох кхида
Дитташ техкаш ас сатуьсу хьоь.
Хаза хино азаллий мот буьцуш,
Ца 1ебаш хьоь кхойкху сан даго.
Хила къант, йо1 доьзнарг дуьне ду хьо
Ницкъанаш-а ирс хьан а доьзна
Сан ирсана доьвзина ма бу хьо
Иза хета бахам дозалла.
Сан ирсана доьвзина ма бу хьо
Иза хета бахам дозалла.

Хила къант, йо1 доьзнарг дуьне ду хьо
Ницкъанаш-а ирс хьан а доьзна
Массо йо1 со санна ирсе йойла
Вай безаман седа лепила.
Массо йо1 со санна ирсе йойла
Вай безаман седа лепила.
Массо йо1 со санна ирсе йойла
Вай безаман седа лепила.
Вай безаман седа лепила.

Исполнитель: 
Год: 
Жанр: 
Популярность: 
400